Газа-1,5 миллион адамана набахти ю .
2006 шеран февраль баттахь, Палестини харжамаш хиллачу шолаг1ачу дийнахь, Израили 1едало Сектор Газахь политически а экономически а санкцеш я юлаелла.  2007 шарахь и санкцеш кхиъ ч1ог1а ч1аг1елира. Израильс Газа хаваъ а, лаьтта а, х1ордин аг1ор а блокаде лаьцнера. Израили 1едало Газин махкана доза тоьхна шуьйрачу хьаштийн товарашна а, Газин махка чу а ара a бевлачу нахана а.  "Лалдина даш" операци 2008 шеран декабрь бутт т1ера 2009 шеран январь бутт кхаччалц д1аяхара. 22 де а хан яллалц  дахаран ладаме й0лу объекташ  а, школаш а, аренаш а, белхан меттигаш а неха ц1ийнош а юхийна. Таханлерчу дийнахь 1,5 миллион Сектор Газин бахархой бала ца бала г1ерташ беха оцу аре-набахтехь.


72% Газера нах, царех 65% бераш ду, халла бехаш бу. 10% бераш цамгар кхетта, цомгуш хилла.  ООНо (Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организаци),  цигахь й0лу хьал "ца лалун" хьал ду аьлла мах хадийна.
Маршонан флотилино  дуьненан эхь-бехк гайтинера.


2010 шеран май баттахь,  1едалин й0цу  халкъашна юккъера 6 организаци - гуманитарни г1он фонд IHH a, Free Gaza Movement, European Campaign to End the Siege on Gaza, Ship to Gaza Greece, Ship to Gaza Sweden ve The International Committee to Lift the Siege on Gaza a, сектор Газин г1о дарна доьха  6000 тонн г1о гуллайина а 6 х1ордан кима вовшахтоьхна. Oцу 6 х1ордан киман т1ехь тайп-тайпанара 37 махкара 750 активисташ а бара- Германера, Кувейтера а, Кипрера а, Израилера а,Ирландера а,Швецира а,Грецира а,Мароккера а,Йеменера а, Египтера а Алжирер а. Оцу активисташ юккъехь 15 векал а, халкъашна юккъера прессин векалш а,артисташ а т1аккха  Нобелин премин верг а вара.


Израилин эскархой граждански нахана т1е герз деттина.
30 май- баттахь 6 х1ордан кима -Defne, Gazze I, Eleftheri Mesogios, Sfendoni, Challenger 1, Mavi Marmara- Кипр ц1е й0лу г1айрийн йистехь вовшакхетта.  31 маяхь, 1уьйранна Газе юьдуш й0лу флотили Израилин эскарийн 4 фрегата, 3 вертолет а, 2 хи бухара кима а, 30 жима х1ордан кима флотилин го бина.  4 : 32, 1уьйранна Газан 73 миль генна,гуманитарни флотилин коьртан флагман й0лу Мави Мармара ц1е й0лу х1ордан кима т1е израилин эскархой герзаца т1елатнера.


Эскаро герз доцу бехк боцу граждански нахана т1е герзаца т1елатар дина. Цара пластики а бакъ й0лу даьндаргашца а т1елатар дийра. И т1елатар дийнчул т1ахь Израилин эскархойш баъйнера 9 Туркойн бахархо а, царахь ц1аъ Америкин гражданство й0луш вара, 56 нахана а ч1ог1а чёвнаш а йина. Х1ордан киман т1ера юьдуш й0лу прямой  трансляци а хадийнера.


Израилин эскархойшна ца гина долу важа х1ордан киман т1ера трансляци й0луш яра,цундела дуьнен т1ехь мел волчунна а гинера оцу эскарш и бехк боцу наха муха байина.


Массо активисташ х1ордан лакхара палуба т1е баьхнера.  Церан куьйгаш д1адекхнера, мала-даа цалора царна, туалети а ца бахатнера. Церан хуманаш а схьа якхнера цаьргара. Тель-Авив г1алан йистехь й0лу Ашдод ц1е й0лу порте схьа ялийнера гуманитарни флотилин х1ордане киманаш. Полицино вахабаьхнера х1ордан киман т1ера активисташ,г1оьмаш й0кхина. Кхуззахь царна ч1ог1а леррина хьажар динера, массо а маь11е а хьажнера, массо п1елаг1ан а,б1аьргашна а  суьрташ а даьхнера,юх-юхха а хеттарш дийнера. Цулaт1ехь массо гуманитарни флотилин  активиста а Бэар-Шева ц1е й0лу набахти д1абийгина, вовшах а телефончухула а къамел цадейтинера.  Халкъашна   юк­къера   политика а дипломатено а Израилин ницкъ барна, 2 де даьллачул т1ехь активисташ д1ахaьцнера. 31 майин буьйсанна,Мави Мармара ц1е й0лу х1ордан киман т1ехь хилларг,тахана а ,х1ора денна а Палестинехь а Газехь хуллашдерг ду. Син1аткъаман т1е1аткъор, куьйган ницкъ а, г1елонаш а, стаг лачкъор а лацар а, халхетарш,мацалла а, информационни блокада а, бехк боцу нехан балларш а...


63 шо ду Палестинер адамаш иштта халла бехаш болу...